Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Султан Магомедов - Ищу самый красивый цветок для любимой | Текст песни

Уггаре а хаза зезаг

Дийхира ахь лаха, аьлла,
Уггаре а хаза зезаг
Уггаре а хаза зезаг
Лийхира ас, ара ваьлла.
Уггаре а хаза зезаг
Лийхира ас, ара ваьлла.

Хьоьга кховдо тамехь зезаг
Даггах лехарх ца карийна
Г1ийла корта сайн оллина
Кхоьлина сайн б1аьргаш дина.
Кхоьлина сайн б1аьргаш дина
Хьуна хьалха со кхечира.

Амма, сайна хьо ма-гиннехь
Б1аьргаш серла сан делира
Хьаьжна даг чу ас элира
Хьо ду-кха ду кху дуьненахь.
Хьо ду-кха ду кху дуьненахь
Уггаре а хаза зезаг!

Уггаре а хаза зезаг
Хууш вац-кха со хьо йоцург
Хьуна дала дац сан зезаг
Даг чуьра сайн безам боцург!
Хьуна дала дац сан зезаг
Даг чуьра сайн безам боцург!

Уггаре а хаза зезаг
Хууш вац-кха со хьо йоцург
Хьуна дала дац сан зезаг
Даг чуьра сайн безам боцург!
Хьуна дала дац сан зезаг
Даг чуьра сайн безам боцург!


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-