Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Султан Магомедов - Кавказан 1уьйре | Текст песни

КАВКАЗАН 1УЬЙРЕ (Султан Магомедов)

Ламанан баххьашкахь дешица къега хьо ,
Аьрцнашкахь пепнашца
бегаш беш лепа хьо ,
Шийлачу шовдан чу
з1аьнаршца хьоьжу хьо ,
Малхаца г1аьттина Кавказан 1уьйре.

Серлонца, машарца хьо йог1у яйча,
Кавказан ламанхойн сакъерало;
Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало,
Органан тулг1енийн дог айало.

Лечанан т1ам тесна хьо йолу аренга,
Юьртахойн ялташа хьан сирла бос оьцу.
Пет1амат зезаг ду шен ц1ечу дарица,
Ломара эсала хьоькху мох лоьцуш.

Беркате кхочу хьо белхалойн х1усаме,
Маршалла хоьтту ахь
барт болчу доьзале.
Декъала хила хьо къоначийн безамехь,
Кавказан, Даймехкан ирс долу 1уьйре.

Султан Магомедов еще тексты


Видео
    Нет видео
    -
    Оценка текста
    Статистика страницы на pesni.guru ▼
    Просмотров сегодня: 3