УГГАРЕ ХАЗА ЗЕЗАГ
Дийхира ахь, лаха, аьлла,
Уггаре а хаза зезаг .
Уггаре а хаза зезаг
Лийхира ас, араваьлла.
Мел леларх а, ца карийра
Уггаре а хаза зезаг ...
Уггаре а хаза зезаг
Ца карийча, дог дегийра.
Амма, юха хьо ма гиннехь,
Схьакарийра хаза зезаг .
Уггаре а хаза зезаг
Хьо ду, хьо ду кху дуьненахь!
Хууш ма вац со хьо йоцург
Уггаре а хаза зезаг !
Хьоьга кховдо дац кхин зезаг,
Даг чуьра сан безам боцург!
Султан Магомедов еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1