I. Ас мерза безам хаьржи сайна
Сай безамна хьан ц1е а туьллуш
И совг1ат Дала делла вайна
Ирсечу дахаре некъ буьллуш
Припев:
Алахьа х1ай дог сан
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь
Хьо х1унда ловза дуьйлу
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза )
II. Ас хьайга мел сатуьйсу хиъча
Хьо 1ен лур вацара ца вог1уш
Со ирсе ян ахь хьайна лиъча
Стиглане 1аьршашка а йохуш
Припев:
Алахьа х1ай дог сан
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь
Хьо х1унда ловза дуьйлу
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза )
III. Безаман гурано со лаьцна
Цу балех яла г1ерташ къуьйсу
Ахь тховса мерза дог сан эцна
Хьо орцах валаре сатуьйсу
Припев:
Алахьа х1ай дог сан
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь
Хьо х1унда ловза дуьйлу
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза )
IV. Сан безам дагчохь карла буьйлу
Хьо юххехь воцуш зама яьлча
Сан дог а кийрахь ловза дуьйлу
Безаман дош ахь соьга аьлча
Припев:
Алахьа х1ай дог сан
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь
Хьо х1унда ловза дуьйлу
Хьо х1унда ловза дуьйлу кийрахь ( 2 раза )
Тамара Адамова еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1