I. Са дог а карзах долура
Ойланаш хьийза йовлура
______________________
______________________
И вог1уш - воьдуш сайна гахь
Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь
Мила ву хьан эр ду соьга
Х1ун хилла жимчу сан дагна
Дагчуьра и к1ант ца волу
И ца гич самукъ ца долу ( 2 раза )
II. Цуьнах 1ех елла лела со
Кхин бесар дуьне суна го
______________________
______________________
Мел хаза йог1у 1уьйренаш
Мел хаза йог1у суьйренаш
Ас йина йоцу ойланаш
Сан жимчу коьртехь ю хьийзаш
Буьйсанна наб яр а доцуш
Со хилла яц синтем боцуш ( 2 раза )
III. Мохь тоьхна бийца дуьненна
Лаьа сайн безам а суна
Хазийта сайн дог детталуш
Ела цу к1антана лууш
Даа йист йоцу х1ар дуьне
Сайн дуьхьа Дала хаз дина
Ас денна воьхуш и Деле
И к1ант сайн дуьхьа кхоьллина
И вог1уш - воьдуш сайна гахь
Ц1е йогуш гича б1аьргаш чохь
Мила ву хьан эр ду соьга
Х1ун хилла жимчу сан дагна
Дагчуьра и к1ант ца волу
И ца гич самукъ ца долу
Мел хаза йог1у 1уьйренаш
Мел хаза йог1у суьйренаш
Ас йина йоцу ойланаш
Сан жимчу коьртехь ю хьийзаш
Буьйсанна наб яр а доцуш
Со хилла яц синтем боцуш
Тамара Адамова еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2