Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Тамара Адамова - Нохчи ду тхо | Текст песни

Хьалхарчу Азера, Месопотамера,
Тигран, Евфратан шеларшна юккъера,
Цу шема-шумеран сийначу арара
Адаман бераш ду, нохчий ду тхо!
Элчанан умматах, Ибрах1иман миллатах,
Нохь-пайхамаран ц1ийнах, хурритийн орамах,
Евзачу арара, бакъ болчу элех,
Нохчалла ларйина, нохчий ду тхо!
Аллах1 ша цхьаъ винчех,
Вайн Элча бакъ винчех,
Устазаш лоьручех,
Нохчаллин новкъа т1ехь, нохчий ду тхо!
Нохь-пайхамаран ц1арах ц1е хоьттинчу къоман,
Цу ц1еран сий лардеш, синош ца кхоийна,
Эзарнаш шерашкахь иэхь-бехк ца дайина,
Нохчалла совг1ат долуш нохчий ду тхо!
Кавказан лаьмнашка Дала ша далийна,
Дуьненчохь массарел исбаьхьа мохк белла,
И ларбан, къам лардан доьналла а делла,
Дзурдзукаш, нахаш ду, нохчий ду тхо!
Гергарло хуьттучех,
Хьаша-да лоручех,
Харцо ловр йоцучех,
Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо!
Бакъонца, нийсонца доттаг1ий хиндераш,
Машаре кхойкхучохь машаре дог1удерш,
Т1амций бен некъ бацахь, и некъ т1елоцуберш,
Нохчалла ца хуьйцуш, нохчий ду тхо!
Адаман, Хьаван а берашна, адамашна,
Дуьненчохь зуламца г1он доцу, ца дахна,
Иэхь-иман, Делера дуй хууш, лардина,
Нохчаллин невкъа т1ехь, нохчий ду тхо!
Ден-ненан сий дечех,
Йиша-ваша дезачех,
Доьзалан дай долучех,
Нохчалла сийлахь йолуш, нохчий ду тхо!
Иманца, Исламца, собарца, г1иллакхца,
Лерамца, тешамца, марзонца, безамца
Лууш ду даха тхо дуьненчохь массаьрца,
Адаман бераш ду, нохчий ду тхо!
Дуьненахь, эхартахь, нийсачу невкъа т1ехь
Яххьаш тхайн к1айн йолуш, Къематан дийнахь
Тхайна Хьо везачех, Хьайна тхо дезачех
Дехьа тхо, я Аллах1, цхьаъ волу Эла!

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • гр. Грозный - Вигахьа НАНА (new 2012) гр. Грозный - Вигахьа НАНА (new 2012)
    муз. Х. Бетельгиреев стихи З.Яндарбиев Хьайцана хьаьжкашна асара, вигахьа Нана со Кхин цкъа а вигахьа Нана со, вигахьа. ГIатта вай ...
  • Тамара Адамова Нохчийн к1ант Новый год 2012 в Грозном Тамара Адамова Нохчийн к1ант Новый год 2012 в Грозном
    Тамара Адамова на Новогоднем Концерте 2011 - 2012 в Грозном с песней " Нохчийн к1ант". ... Тамара Адамова »» Нохчий ду тхо .