I. Хьо декъал ван йиш яций сан
Хьан дог эца йиш яций сан
Хьо неха ву, со неха ю
Вайшин юккъехь мел херо ю ( 2 раза )
II. Хьо сан б1аьра ма хьежахьа
Лазам байбан ма г1ертахьа
Со къинт1ера ера ма ю
Дагна дукха хьо везарна ( 2 раза )
III. Со а йицъян хьо хьажахьа
Со хилл меттиг ма лехахьа
Суна дика хьайна лаахь
Со д1а тасий ахь йитахьа ( 2 раза )
IV. Дуьне латто ницкъ болуш верг
Ас до1ица доьха хьоьга
Рицкъ а хадо ницкъ барий хьан
Вицван ницкъ ахь суна лохьа.
Тамара Адамова еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2