Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Тамила Сагаипова - Дегнаш | Текст песни


Деган з1аьнарша со хьоьстуш,
Хьан ирсо д1акхайкхира..
Цу з1аьнаршца дегнаш дагош,
Безамо вайх ц1е латийра.

Ахь со 1ехош,юха тешош
Дегнаш ловзадехира.
Хьан б1аьргашца б1аьрса лоьцуш,
Хьан безамо со эшийра.

Лоьхуш,воьхуш карийна
Деган къилба латийна.
Ма хаза ду вай девзина,
Хьан даго со хаьржина,хьан даго со хаьржина.

Къона долу дегнаш кхаьхкаш,
Хи т1улгех тер детталуш,
Дегнаш чу вай безам 1енаш,
Хьогалла д1аяла ца туьгуш.

Ахь со 1ехош,юха тешош
Дегнаш ловзадехира.
Хьан б1аьргашца б1аьрса лоьцуш,
Хьан безамо со эшийра.

Лоьхуш,воьхуш карийна
Деган къилба латийна.
Ма хаза ду вай девзина,
Хьан даго со хаьржина,хьан даго со хаьржина.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • .ιllllι.Макка Сагаипова - Ма ала соьга [New 2013].ιllllι. .ιllllι.Макка Сагаипова - Ма ала соьга [New 2013].ιllllι.
    ιll♥llι.Макка Сагаипова - Ма ала соьга [New 2013].ιll♥llι. ... Амина,Зара,Асет, Макка,Тамила,Элина,Зарема NEW 2012 - Duration: 3:58. by ...