Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Тамила Сагаипова - Хаза б1аьргаш | Текст песни

Синкъераме ловзар шовкъе делира,
Хелхарна хьо гуона юкъа велира.
Х1унда ахь со хьайца яккха элира?
Х1етахь дуьйна синтем сан д1абелира.

Вай хьан хаза б1аьргаш къегира,
Цаьрга хьаьжча сан са дегира.

Дош ца олуш дог сан лаца 1еми хьо,
Шен цхьа къайле гучуяьккхи кхолламо.
Дагахь доцчохь маша теси безамо,
Цо лацарах х1уммаъ холчохь яци сом.

Вай хьан хаза б1аьргаш къегира,
Цаьрга хьаьжча сан са дегира.

Г1иллакх долчу нехан ц1ийлах хилча хьо,
Х1ун дан йоллу дош ца делла хьуна со?
Кхин ца диссал дог самукъне деттало,
Веза хьаша хьоьх хилийти безамо.

Вай хьан хаза б1аьргаш къегира,
Цаьрга хьаьжча сан са дегира.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Популярное сейчас
Видео
  • Макка Сагаипова NEW 2014 Седа! Очень-очень!!! Макка Сагаипова NEW 2014 Седа! Очень-очень!!!
    Седа стиглахь башха хаза лепа, Седана хазахета б1аьргаш хьа... Новая песня Нохчи безам 2014 Очень красиво поёт! Нежная ...