Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Тамила Умарова - Хьо цхьа1 ву | Текст песни

Дуьххьарлера хаза безам, дуьххьарлера ойланаш,
Тамашийна т1ома йохуш сан мерза наб яйна буьйсанаш,
Бай т1ехь техкаш зезаг санна, цуьнга дуьйцуш даггара,
Аьрха са гаре сатуьйсуш хийла денош ихира.

Амма сан деган харжам – хьо цхьа1 ву,
Са парг1ат ца дуьтург – и хьо ву,
Ойла карзах юьйлуш хьийзаш ю,
Массо а х1уманна бахьна – хьо ма ву.

Дуьххьара вай цхьана лаьтташ, дуьххьара хьо вист хуьлуш,
Сайн къийлина дог ас достуш, оьздангаллин лаг хьа гуш,
Нийсархоша соьга олу – и к1ант г1иллакхе ма ву,
Суна-м дазлой эхь хоьтуйтуш сай ц1е йаларна кхоьруш.

Амма сан дагна тайнарг –хьо цхьа1 ву,
Къайлах ойла йийраг – и хьо ву,
Дерриге а дуьне сай ду моьттуьйтуш,
Со 1ехориг – иза хьо ма ву.

Другие названия этого текста
  • Тамила Умарова - Дуьхьарлера безам (New 2014) (0)
  • Тамила Умарова - Хьо цхьа1 ву (0)
  • Тамила Умарова - Дуьхьарлера безам (New 2014) [M95] (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-