Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Тоита Исраилова - Винчу денца (M95) | Текст песни

I.
Дезчу дийно яххьаш къагайо
Дикчу к1антах илли кхоллало
Сан маршалла ахь д1а эцахьа
Хьоьга безам мерза беца тхан ( 2 раза )
Припев :
Винчу денца, хьан сий дарца
Оьзда к1ант хьо декъал во
Хьоьга йолу синмарзонца
Хазчу иллин совг1ат до
Дехийла вайн доттаг1алла
Безам, тешам 1алаш бан
Хьоьгахь йолу къонахалла
Дозаллица хеста ян
II.
Т1ома яьлла сирла ойла са
Ларам барца дуьцуш г1илкхаш хьан
Ирсан мукъам хьоьга кхийда бо
Даго мерзаш хьуна делха до ( 2 раза )
Припев :
Винчу денца, хьан сий дарца
Оьзда к1ант хьо декъал во
Хьоьга йолу синмарзонца
Хазчу иллин совг1ат до
Дехийла вайн доттаг1алла
Безам, тешам 1алаш бан
Хьоьгахь йолу къонахалла
Дозаллица хеста ян
III.
Хало, атто ахьа 1оьвшина
Хьайн къоналли са ца кхуош цкъа
Ма кхочийла цкъа а вайна т1е
Маьрша дахар кхолош деъна де ( 2 раза )
Припев :
Винчу денца, хьан сий дарца
Оьзда к1ант хьо декъал во
Хьоьга йолу синмарзонца
Хазчу иллин совг1ат до
Дехийла вайн доттаг1алла
Безам, тешам 1алаш бан
Хьоьгахь йолу къонахалла
Дозаллица хеста ян.

Тоита Исраилова еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-