Ма хаза хийти суна хьо гина тахана,
Сай ц1е йоккхуш ахьа соьга де дика дина,
Хьалхарчул а суна х1инца г1ехчул аьхь хийтира,
Г1иллакх хьогахь даимна хилла, олу хьоьга баркалла.
Йиш йелахь цхьа жимма соьца латтахьа, ас доьху хьоьга,
Ма хаза хийти хьо гина, сих-сиха тхо долчу кхача.
Со кийрара са хьийзош сан ойланаш вовшех хьаьрча,
Куьйгаша даш а сецощ хьога хьоьжуш мотт ца керча.
Сан дагна ца лаьа кху дуьненахь доьхна диса,
Доьлучу даге ладоьг1уш кху дуьненахь ехаш хета.
Дахаро чег1ош, йелхош кху дуьненахь со хьийзина,
Сан кийрара и жима дог дохо хьуна пурба ца делла.
Фатимат еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1