Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хава Ибрагимова (Чакра) - Дош ца олуш (New 2015) | Текст песни

Асам хьуна кхоор дац сай дахар
Ма мотталахь ду и цхьа бах бахар
Хьа дог соьца хиларх
Эшам бац-кха цхьаъа
Лар дийр ду и тиларх
Ца далийта акха

Дош ца олуш, дош ца олуш
Хьо х1унда д1атийна?
Х1у да воллу сан дог дохош, Хьайна къа латийна
Хьай хьажарца б1аьсте елла,
Сан дог дела делча
Ма делхита и шел делла,
Хила соьца бертахь!

Дуьне мел ду бехар ма бу безам
Кхоьллина ду адам вовше деза
Вай ма хуьлу вовше
Х1инца лаха деза
Т1аккха кхоллам тешна
Хир бу вайна реза

Дош ца олуш, дош ца олуш
Хьо х1унда д1атийна?
Х1у да воллу сан дог дохош,
Хьайна къа латийна
Хьай хьажарца б1аьсте елла,
Сан дог дела делча
Ма делхита и шел делла,
Хила соьца бертахь!

Ца хезийла дац-кха дега эшар
Нагахь цуьна мукъам хьуна эшахь
Хаздийр ду хьа дахар
Хуьлуш сийна бахам
Ала, соьга ала ирс долуш ду дахар

Дош ца олуш, дош ца олуш
Хьо х1унда д1атийна?
Х1у да воллу сан дог дохош,
Хьайна къа латийна
Хьай хьажарца б1аьсте елла,
Сан дог дела делча
Ма делхита и шел делла,
Хила соьца бертахь


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-