Сан дагна т1емаш дели ахь
Хьан ницкъ бу ч1ог1а схьагарехь
Со х1инца ю хьан йисарехь
Х1унда яц хьан соьца яхь?!
Хьо муха хьаста хьомениг,
Хьо г1оза, дукха вахариг
Ахь таръеш хазчу зезагах
Соь олу дешнаш безамах
Припев :
Цкъа а лаьттахь гина йоцчу
Хьан хазаллех б1аьг сан кхетча
Эсала вистхуьлуш хезча
Яллалц вижи хьо сан дагчу ( 2 раза )
II.
Со цкъа а тешна яцара,
Ас ойла йина яцара
Сел ч1ог1а веза аьлча к1ант
Цо лоцу аьлча йоь1ан дог
Со г1иттош буса меттара
Хьайн мерза ов соьх детта ахь
Со цхьаъ ю бохуш езнариг
Хьан аз ду декаш, хьомениг
Припев :
Цкъа а лаьттахь гина йоцчу
Хьан хазаллех б1аьг сан кхетча
Эсала вистхуьлуш хезча
Яллалц вижи хьо сан дагчу
Хава Сайтаева еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1