Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид - Зейпулла | Текст песни

✅ - Зайпуллахl

⭕⭕⭕

Цхьана дийнахьа Зайпуллахl Хьажийна герга вахана, ва-а Хьажех дагаваьллачу хенахь.
– Хьажи ва Хьажи, и де букъаьхь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тlе довла деза синош ма дуккху делха до ахь шайги, и де букъахь доцуш, нена кийрахь ва доцуш, дуьнен тlе довла деза синод шайла дуккху дезна ву техь хьо? Оцу синошци хьа долу гергарло дийцахьа шена. Хьажи ва Хьажи, хьа гlийли дегl набарна дижичи набарна дуьйшуш, бези бала хьа кийрахь беачи шайга бала къуьйлуш, хьа дегlа маьже хилла хьуна улле доьвла лелаш дар-кха шаш, цу де букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, и дуьнен тlе довла деза синош шайла гергар ду техьа? Оцу синошци хьа долу гергарло дийцахьа шена.
– Ва-а-а, Зайпуллахl, цу де букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тlе довла дезаш долчу синошци ше долу гергарло ша мел дуккху дийцарах доьвзирдац шунна! Оцу синол шена дуккху дезна кхи хlума дац хьуна, ва Зайпуллахl. Ва-а-а, Зайпуллахl, цхьанна дийнахьа ша ма шунна юкъе охьахиина къамеле виличи, хlара вайци къамела вуьйлуш вериг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше багар юьйлу lа шай лери хезичи, ше багар юьйлу lа цаелла, шай догlмиша асаре доьвла, кийрара дог иккхинар вуй шуьци? Хlара вайци къамела вуьйлуш вериг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше багар юьйлу lа шай лери хезичи, ше бага юьйлу lа цаелла, шай догlмиша асаре доьвла, кийрара дог гlелделла дегl дожийнар вуй шуьци, ва Зайпуллахl? Ва-а-а, Зайпуллахl, цхьанна дийнахь ша вогlуш урамехь шайна бlарги вайчи, хlара вогlуриг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше гlийли-миски дегl шайна бlаргидайчи, ше гlийли-миски дегl цаладелла, шай догlмиша асаре доьвла, кийрара дог иккхинар вуй шуьци? Хlара вогlуриг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше гlийли-миски дегl шайна бlаргидайчи, ше гlийли миски дегl цаладелла, шай догlмиша асаре доьвла, кийрара дог гlелделла дегl дожийнар вуй шуьци, ва Зайпуллахl? Ва-а-а, Зайпуллахl, кху дуьнена цхьанна меlе ша дlахlоьттина, кху дуьнена вукха меlе, цу де букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тlе довла дезаш долчу синойх дегl ша хlоттичи, кху дуьнена цхьанна меlе вукха меlе ша моьхь беттаваьлчи, ше багар юьйлу lа шай лери хезичи, хlара моьхь бетташ вериг вай къобулвинариг ма ву, хlара кхойкхуш вериг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше багар юьйлу lа шай лери хезичи, ше гlийли дегl асаре доьвла, ше дегlан тlаьхь деlаркаш бай кхи хlума цадуьссуш, догlмиш, лелуьш оьгур долу синош ду ше уьш, оцу синол шена дуккху дезна кхи хlума дац хьуна, ва Зайпуллахl! Ва-а-а, Зайпуллахl, цхьанна дийнахь шу ойланаш, ше куьйга кена юкъе ша ялийна хьажачи, хlара вай къобулвинариг вайна юкъера дlаваьлчи, вайна тlагlерташ болчу цу хьолун-дай хьелаш, шуьнаш дууш, дехир дай вай, бохуш, карир-кха шена. Цу де букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тlе довла деза синой ойланаш ше куьйга кена ша ялийна хьажачи, Деле кхойкхуш, Деле маьхьарий детташ карир-кха шена. Оцу синол шена дуккху дезна кхи хlума дац хьуна, ва Зайпуллахl!

⭕⭕⭕

Халид еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1