Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид, Сайд-Хьусайн - Хьо сан вериг веъна вац | Текст песни

https://vk.com/wall-103936140?own=1

Хьо сан вериг ве1на вац

Азаллехь Далаци мах бина
веар хьо
Дала Сийлахь Элчанци мах бина
веар хьо
Иблиси тобуна тур хьокхуш
веар хьо
Хьо сан вериг ве1на вац
Дала къайле тояриг

Вай Дели 1уьйренаш къагаяш
веар хьо
Вай Дели суьйренаш къагаяш
веар хьо
1уьйренаш суьйренаш дагйулуш
веар хьо
Хьо сан вериг ве1на вац
Дала къайле тояриг

Стиглера малх батти къагабаьш
веар хьо
Малх батти зикрунци лела баьш
веар хьо
Малх батти зикрунци къагабаьш
веар хьо
Деле воьхуш ловзур ду
Дала къайле тояриг

Ирс долчу тобуна да хилла
веар хьо
Ирс долу ва тобу ловзаеш
веар хьо
Къобул винчу беришна дик да хилла
веар хьо
Хьо сан вериг ве1на вац
Дала къайле тояриг

Цу вай Дала Элчано маркъулуш
веар хьо
Джабраил малейко маркъулуш
веар хьо
Малейки эскириш хьеставаьш
веар хьо
Хьо б1аргишна гур вац техь
Дала къайле тояриг

Алхазурий ва маттахь моттлебеш
веар хьо
Акхарой ва маттахь моттлебеш
веар хьо
Iаламий ва маттахь моттлебеш
веар хьо
Хьо сан вериг ве1на вац
Дала къайле тояриг

Цкъа йовр йоцу марзонаш гуч йоккхуш
веар хьо
Йиц лур йоцу марзонаш гуч йоккхуш
веар хьо
Меттирчу марзонци ловзабаьш
веар хьо
Декъал хилла хьо да вериг
Дала къайле тояриг


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-