Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид - Хьажи, ва шен ваша Хьажи! | Текст песни

Хьажи, ва шен ваша Хьажи!

Хьо жинашца тайна хьо тила лела бохуш, ма чIогIу ша хьийза во-кха, дегIастанарчу Iелам молланаш, Шен ваша Хьажи.

Дела рези хила, шен ваша Мовсар хьуна!
Дала азаллехь Шен цIарах цIе хIоьттина, Шен нуьрах нур делла,
и Дела салам хилариг и Дела Элчи ваийтира хьуна,
Дела Элчана сица са кхоьллина, Дела Элчано шен кара мара хьерчавеш, хьан г1ийли ваш дуьнен т1е веара хьуна, шен ваша Мовсар.

Дала азаллехь шен гIийла дегI кхоьллина ваьллачул тIаьхьа,
и Ловхьул-Махьфуз кхоьллира хьуна.
Оцу Лавхьул-Махьфузе хьажа,
хьа гIийла ваша вахара хьуна,
Дала Лавхьул-Махфузехь цхьа йоккха хазна карийна,
цу хазний тоьлехьа долуш, яра lолахl IулиллахI боху чехка зикру дохьуш, хьан гIийла ваша веара хьуна, шен ваша Мовсар.

Мовсар оцу дегIастанарчу Iелам наха ша гIалат во хьоьга,
ша жинашца тайна, тилла воьду боху-кха хьоьга.
Дала Адам-Пайхамара Зурриятах йолуш, тайпана Къурайши, ИбрахIим-Пайхамара миллатах йолуш, вай Делаха хоттаелла цхьа миска тобу йогIуш ю хьуна. Оцу тобунца хьан ваша тайна ву хьуна, шен ваша Мовсар.

Мовсар оцу вай Дала Ша, Авлияаш, Шайхаш диване дIагулло, аьлла,
вай Делера кхайкхар деара хьуна,
Делан Авлияаш, Шайхаш, вай Делан диване дIагулбелира хьуна, шен ваша Мовсар.

Мовсар оцу вай Дала Ша, Шена гергара цхьа кIеззиг бала гучу баьккхира хьуна,
и бала ла ца белла, оцу балина кхерабелла, ламани Шайхий синош ламана боьдуне хьалхина, арени Шайхий синош аренашка хьалхина,
Дала кховдиначу балина кIела, хьан гIийла ваша сецира хьуна, шен ваша Мовсар.

Мовсар и кхана догIур ду бохуш долу и къимата доккха Де догIур ду хьуна,
и Дела салам хилариг и Дела Элча, цу махьшара ара вогIур ву хьуна,
Шена тIаьхьа йозучу мискачу тобунца,
цу Дела Элчана байракх кIела хьан гIийла ваша вогIур ву хьуна.
Мархьаба «Марша вогIийла хьо Киши воI», бохуш,
цу Делан Элчано хьан гIийлачу веше, пхиъ бIаь шарахь маршалла хоттур ду хьуна, шен ваша Мовсар.

Мовсар и кхана догIур ду бохуш долу, и къимата доккху де догIур ду хьуна!
Дала шен некъаш хедина тоба, цу махьшар ара ялор ю хьуна!
Дала и тоба Iаламана хьалха хIоттина,
дуьнентIехь йоккхучу замангахь, шена дукха везначу Вели некъаш хедийна тоба ю хIара, бохуш,
Дала Маликашка эзар-эзар Iазапаш долуьйтуш, байтамалийца и тоба елхор ю хьуна, шен ваша Мовсар.

Мовсар и кхaна догIур ду бохуш долу и къимата доккха де догIур ду хьуна,
Шена тIаьхьа йогIучу тобунца, цу Дела луларчу хlусаме вай гIур ду хьуна. «Марша йогIийла хьо, шена дукха везначу Вели миска тобу», бохуш.
Дала хIорунна, муридан коьрта тlе паччахьалийн таж туьллур ду хьуна,
Дала Шен къинхетаме куьйг муридан коьрта тIе хьоькхуш, эзар-эзар шернашка и тоба Шен лулахь хьостур ю хьуна, шен ваша Мовсар.

Азаллехь Делаца, цу Делан Элчанца, хьан гIийлачу вешин хIоттаделла гергало иштта ду хьуна!
Цу Делаца, Дела Элчанца, хьан гIийлачу вашас бина мах иштта бу хьуна!

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
    Нет видео
    -