Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид Шалжера - Маьлхан нур ва санна хьайн юьхьах нур дуьйлуш | Текст песни

1. Маьлхан нур ва санна, хьайн юьхьах нур дуьйлуш,
Беттан нур ва санна, хьайн дегIах нур хьерчаш,
Багар йолучу Iаьнарца иманан нур даржадеш,
- Ва Хьаьжи, ма беркате хьо веара-кха,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу, лаилахIа иллаллахI.
Ва Хьаьжи, Дала къайле хьан тайойла,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахI.

2. Малхбалехьа - бузехьа ворх1 ДегIаста гулъелла,
Дела вовзар иманехь Делан Iалам нисделла
Хьайн багара мотт лебеш Делан Iалам Ахь хьоьстуш,
- Ва Хьаьжи, Даллий, тхуний юкъавуьйлир хьо,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахI.
- Ва Хьаьжи, Дала къайле хьан тайойла,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу. ЛаилахIа иллаллахI.

3. Делан Iаьршан го бина, малайкаш хIиттина,
Кхузткъе итт х1оз х1оттина, цуьн эшараш тайина
Къадарин мулкаца Делан Iаьршан го ловзош,
- Ва Хьаьжи, ма беркате гучувелир хьо,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу. ЛаилахIа иллаллахI.
- Ва Хьаьжи, Даллий, тхуний юкъавуьйлир хьо,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахI.
- Ва Хьаьжи, Дала къайле хьан тайойла,
ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахIу, ЛаилахIа иллаллахI.

Халид Шалжера еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1