Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид Шелара - Зайпулла | Текст песни

Зайпулла

I
Цхьана дийнахьа Зайпулла Хьаьжийна герга вахана,
во-о, Хьаьжех дагаваьллачу хенахь.
Хьажи ва Хьажи, и ден букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тIе довла деза синош ма дуккху делха до ахь шайги, и де букъахь доцуш, нена кийрахь ва доцуш,
дуьнен тIе довла деза синош шайла дуккху дезна ву техь хьо? Оцу синошци хьан долу гергарло дийцахьа шена.
2
Хьажи ва Хьажи, хьан гIийла дегI набарна дижичи набарна дуьйшуш, бези бала хьа кийрахь беачи шайга бала къуьйлуш, хьан дегIа маьже хилла хьуна улле доьвла лелаш дар-кха шаш, цу де букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, и дуьнен тIе довла деза синош шайла гергар ду техьа? Оцу синошци хьан долу гергарло дийцахьа шена.
3
Во-о-о, Зайпулла, цу де букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тIе довла дезаш долчу синошци ше долу гергарло ша мел дуккху дийцарах доьвзирдац шунна! Оцу синол шена дуккху дезна кхи хIума дац хьуна, ва Зайпулла.
4
Во-о-о, Зайпулла, цхьанна дийнахьа ша ма шунна юкъе охьахиина къамеле виличи, хIара вайци къамела вуьйлуш вериг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше багар юьйлу Iа шай лери хезичи, ше багар юьйлу Iа цаелла, шай догIмиша асаре доьвла, кийрара дог иккхинар вуй шуьци? ХIара вайци къамела вуьйлуш вериг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше багар юьйлу Iа шай лери хезичи, ше бага юьйлу Iа цаелла, шай догIмиша асаре доьвла, кийрара дог гIелделла дегI дожийнар вуй шуьци, ва Зайпулла?
6
Во-о-о, Зайпулла, цхьанна дийнахь ша вогIуш урамехь шайна бIарги вайчи, хIара вогIуриг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше гIийли-миски дегI шайна бIаргидайчи, шен гIийли-миски дегI цаладелла, шай догIмиша асаре доьвла, кийрара дог иккхинар вуй шуьци?
ХIара вогIуриг вай къобулвинариг ву, аьлла, ше гIийли-миски дегI шайна бIаргидайчи, ше гIийли миски дегI цаладелла, шай догIмиша асаре доьвла, кийрара дог гIелделла дегI дожийнар вуй шуьци, ва Зайпулла?
7
Во-о-о, Зайпулла,
- «Кху дуьнена цхьанна маьIIе ша дIахIоьттина, кху дуьнена в-укха маьIIе, цу ден букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тIе довла дезаш долчу синойх дегI ша хIоттичи, кху дуьнена цхьанна маьIIе ву-кха маьIIе ша мохь бетта ваьлчи, шен багара юьйлу Iа шайн лере хезачи, хIара мохь бетташ вериг вай къобул винариг ма ву, хIара кхойкхуш вериг вай къобул винариг ву, аьлла, шен багара юьйлу Iа шайн лере хезачи, шен гIийла дегI асаре доьвла, шен дегIан тIехь деIаьхкаш бен кхин хIума ца дуьссуш, догIмаш, лелуьш оьгур долу синош ду шен уьш, оцу синол шена дукха дезна кхин хIума дац хьуна, ва Зайпулла.
8
Во-о-о, Зайпулла, цхьана дийнахь шун ойланаш, шен куьйга кена юкъе ша ялийна хьажачи, хIара вай къобул винариг вайна юкъера дIаваьлчи, вайна тIегIерташ болчу цу хьолун-дай хьелаш, шуьнаш дууш, дехар дай вай, бохуш, карир-кха шена. Цу ден букъахь доцуш, нена кийрахь доцуш, дуьнен тIе довла деза синой ойланаш шен куьйга кена ша ялийна хьажачи, Деле кхойкхуш, Деле маьхьарий детташ карир-кха шена. Оцу синол шена дукха дезна кхин хIума дац хьуна, ва Зайпулла.

Халид Шелара еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1