Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид Шелара - Хьажийн ваша Муца цамгар | Текст песни

Цхьана дийнахь ше дегIана чIогIу лазар кхетта, цамгаро хьоьвзина хиллера. Хьаьжи ваша Моцу.
Хьаьжи ва Хьаьжи, хьа гIийли ваша Моцу цамгаро хьоьзина, ма боху, хьай гIийличу вешега Муцига хьажа ваханий хьо?, бохуш, Хьаьжиге хаьттина хиллера.

Во-о-о, делир ца вахана ша-м ше гIийличу веше Моцега хьажа, Дели пурбанци бе ваха йиш йолаш вацарий ша, Дела кхелана вай рези ца хилчи даамал долуш дацарий вай-ма.

Во-о-о, цхьана дийнахь вай Делера кхайкхар деана хиллера, «во-о, Киши Хеди Мубарик Хьаьжи, хьай гIийличу веше Моцега хьажа гIо хьо», аьлла, Делера кхайкхар шега деанчу хенахь, ше гIийличу веши Моци неIарги хIоьттир бах Кишин ВоI Мубарик.

Во-о-о, Ассаламу Iалайкум, ше ваша Моцу! Ма чIогIу цамгаро хьоьвзина хьо. Мухачу хьолехь ву-те хьо?, бохуш, Хьаьжи Моцина тIехь хIоьттина хиллера.

Ва Iалайкуму салам, хьомарша вогIийла ше ваша Хьаьжи, дикачу хьолехь ву хьуна ша-ма, Дала шеги деллачу хьолехь ву хьуна ша-ма, хIинзалца хьо хIунда ца вагIур техьа шеги хьажа, Делир Iийриг волуш вацарий ша-ма Хьаьжи, тахана леричу дийнахь хьо шеги хьажа ца веанахьара-ма, цу къана догIур долчу къемата дийнахь, цу Далий, Пайхьамарний хьалхара вай хIиттинчу дийнахь хьо бехки ваза Iийриг волуш вацарий ша-ма ше ваша Хьаьжи.

Дела рези хуьла хьуна ше ваша Моцу, бехке ма вехьа ша-ма ше ваша Моцу, Дели пурбанци бе ва йиш йолуш вацарий ша-ма, Дели кхелана вай рези ца хилчи даамал долуш дацарий вай-ма.

Дела рези хуьла хьуна ше ваша Хьаьжи, бехке ца во хьуна ша-ма хьо ше ваша Хьаьжи. Хьо ше нанас вина ваша хиларна хьо варе сатесна варий ша-ма.
Хьо вогIур вац техьа?, бохуш хьо гаре сахьоьвзина варий ша-ма, ше ваша Хьаьжи.

Сийсара леричу буссу цхьа кIезиг гIан-набараш ейнера шена Хьаьжи, и шена ейна гIан-набараш ахьа ма тийдахьа шена, ше ваша Хьаьжи.

Сийсара лерачу буссу стиглара охьадеана цхьа нокхармозу шена ма ю тоьхна, буха стигала хьалабоьдуш и байнера шена, хьо махкара цIавогIу, бохуш, сагIа дохуш хьийзаш вай шинни гIийли нана ейнера шена, вай керти гонахь хевшина цхьа Iаьржи хьаргIанаш ейнера шена, и хьаргlанаш юха чихаеш, царна духьал Iаса туьйсуш, хьо ше гIийли миски ваша Хьаьжи вайнера шена.

Дела рези хуьла хьуна ше ваша Моцу, сийсара леричу буссу, хьуна тIе беана болу и нокъармазу, тховса леричу буссу хьа са эца догIу долу Мулкомовт ду хьуна, ша махкара цIавогIу бохуш, сагlа дохуш хьийзина вай шинни гIийли нана хьа дакъакешне хьараме дIахулье, сагIа дохуш хьийзар йолу вай шинни гIийли нана Хеди ю хьуна, вай керти гонахь хевшина и Iаьржи хьаргIанаш, Далий, Пайхамарий цамагина долу белхараш деш зударий бу хьуна, царна духьал Iаса туьйсуш уьш юха чихаяш хьийзаш волу и гIийли миски стаг, хьа гIийли ваша Хьаьжи ву хьуна, ше ваша Моцу. Дела рези хуьла хьуна ше ваша Моцу, Делир ца воьду хьо Муцу, хIокху латта букъатIаьхь хьоьлла шена дукха везаш волу ваша кхи буху витина-ма.

Халид Шелара еще тексты


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-