Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Халид Шелара - Ялсаманин догIа | Текст песни

Ялсаманин догIа

– Джабраил, ва дези Джабраил!
И къемата доккху де, хIоттина го шена.
И Дала Сyртан-ТIай , хIоттина го шена.
И Дала Мизан-Терза, хIоттина го шена.
Азиллехь ша къобул вина миски тобу, г1ел елла го шена.
Хьайгахь долу и ялсамане догIу, схалохьа шеги.

Ва-а-а.
– Киши, Хеди, Мубарик Хьажи!
И елсамане догIу, шегахь дац хьуна. Оцу Дела Элчанера схадехьахьа хьайна, Киши воI Мубарик.

Ва-а-а. И елсамане догIу, шегахь дац хьуна. Оцу Дела Элчанера схадехьахьа хьайна Киши воI Мубарик.

Вай Дала ше цIерах цIе хIуттуш, Вай Дала ше нурах нур делла, Дала ша базбина бахкитина болчу, баккхирачу Пайхамарашна юккъера, къастина Элчи.

И къемата доккху де, хIоттина го шена.
И Дала Сyртан-ТIай , хIоттина го шена.
И Дала Мизан-Терза, хIоттина го шена.
Азиллехь ше дегIахьа хьарчина елу миски тобу, гIел елла го шена.
Хьайгахь долу и ялсамане догIу, схалохьа шеги.

Ва-а-а.
– Киши, Хеди, Мубарик Хьажи!
И елсамане догIу, шегахь дац хьуна. Оцу вай лекхе хилла волчу, Делера схадехьахьа хьайна, Киши воI Мубарик.

Ва-а-а.
- И елсамане догIу, шегахь дац хьуна. Оцу вай лекхе хилла волчу, Делера схадехьахьа хьайна, Киши воI Мубарик.

Хьайна долу луъарг да, ницкъ болуш. Ахьа бинариг дIоха да, да воцуш, хьо моссу хьумана ницкъ ву да, волу тха эли.

И къемата доккху де, хIоттина го шена.
И Дала Сyртан-ТIай , хIоттина го шена.
И Мизан-Терза, хIоттина го шена.
Азиллехь ша къобул вина, ше дегIахь хьарчина елу, и миски ва тобу гIел елла го шена.
Йа Роббана, ва везин Дели, хьайгахь долу и ялсамане доккху догIу, схалохьа шеги.

Ва-а-а
– Киши, Хеди, Мубарик Хьажи!
И елсамане догIу, шегахь дац хьуна. Ша-ма ше бахкина Пайхамараш, Авлияаш гулбина.
Цу Пайхамарашна, Авлияашна дуьнена бала гучубаьхкичу динахь. Оцу балина кхера белла, ше Пайхамараш, Авлияаш бух беллачу замангахь.
Йа Роббана, везин Дели, ахь кховдина болу дуьнена бала, са дегIана тIебохахьа.
Ахь кховдина болу дуьнена бала, ше мискичу доьзули тIебохахьа,
Ше дегIана совбаьлла бала, ша къобулвинчу бериша доьхур ма ву ша, цу беришна совбаьлла бала юху ше дегIах хьарчор ма бу ша. Ала и дуьнена бала хьа дегIана ахь дуьхинчу дина, елсамане догIу ша хьоьги д1аделла ву хьуна, ше вели Киши воI.

Ва-а-а
Деле гергаргар бакхина Пайхамараш ду шаш бохуш,
Ше Пайхамарашна хIетачу динахь.
Дели гергаргар Авлияаш ду шаш бохуш, ше Авлияашна хIетачу динахь, цу динахь вай шин юкъаьхь долу гергарло, ша царна гучудохкурду хьуна, ше вели Киши воI.

Халид Шелара еще тексты


Видео
Нет видео
-
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2