– Джабраил, ва дези Джабраил! И къемата доккху де, х1оттина го шена. И Дала Сyртан-ТIай , х1оттина го шена. И Дала Мизан-Терза, х1оттина го шена. Азиллехь ша къобул вина миски тобу, г1ел елла го шена. Хьайгахь долу и ялсамане дог1у, схьалохьа шеги. Ва, – Киши, Хеди, Мубарик Хьажи! И ялсамане дог1у, шегахь дац хьуна. Оцу Дела Элчанера схадехьахьа ахь хьайна, Киши во1 Мубарик. Ва, - И ялсамане дог1у, шегахь дац хьуна. Оцу Дела Элчанера схадехьахьа ахь хьайна Киши во1 Мубарик.
Вай Дала Шен ц1ерах ц1е х1уттуш, Вай Дала ше нурах нур делла, Дала ша базбина бахкитина болчу, баккхирачу Пайхамарашна юккъера, къастина Элчи. И къемата доккху де, х1оттина го шена. И Дала Сyртан-ТIай , х1оттина го шена. И Дала Мизан-Терза, х1оттина го шена. Азиллехь ше дег1ахьа хьарчина елу миски тобу, г1елелла го шена. Хьайгахь долу и ялсамане дог1у, схьалохьа шеги. Ва, – Киши, Хеди, Мубарик Хьажи! И ялсамане дог1у, шегахь дац хьуна. Оцу вай лекхе хилла волчу, Делера схадехьахьа хьайна, Киши во1 Мубарик. Ва, - И ялсамане дог1у, шегахь дац хьуна. Оцу вай лекхе хилла волчу, Делера схадехьахьа хьайна, Киши во1 Мубарик.
Хьайна долу луъарг да, ницкъ болуш. Ахьа бинариг доха да, да воцуш, хьо моссу хьумана ницкъ ву да, волу тха эли. И къемата доккху де, х1оттина го шена. И Дала Сyртан-ТIай , х1оттина го шена. И Мизан-Терза, х1оттина го шена. Азаллехь ша къобул вина, ше дег1ахь хьарчина йолу, и миски ва тобу г1елелла го шена. Йа Роббана, ва везин Дели, хьайгахь долу и ялсамане доккху дог1у, схьалохьа шеги. Ва, – Киши, Хеди, Мубарик Хьажи! И ялсамане дог1у, шегахь дац хьуна. Ша-ма Шен бахкина Пайхамараш, Авлияаш гулбина. Цу Пайхамарашна, Авлияашна дуьнена бала гучубаьхкичу динахь. Оцу балина кхера белла, Шен Пайхамараш, Авлияаш бух беллачу замангахь. Йа Роббана, везин Дели, ахь кховдина болу дуьнена бала, са дег1ана т1ебохахьа. Ахь кховдина болу дуьнена бала, ше мискичу доьзули т1ебохахьа, Ше дег1ана совбаьлла бала, ша къобулвинчу бериша доьхур ма ву ша, цу беришна совбаьлла бала юху ше дег1ах хьарчор ма бу ша. Аьлла и дуьнена бала хьа дег1ана ахь дуьхинчу дина, ялсамане дог1у ша хьоьги д1аделла ву хьуна, ше вели Киши во1.
Ва, - Деле гергаргар бакхина Пайхамараш ду шаш бохуш, Шен Пайхамарашна д1ах1иттанчу динахь. Дели гергаргар Авлияаш ду шьаш бохуш, шен Авлияашна х1етачу динахь, цу динахь вай шин юкъаьхь долу гергарло, ша царна гучудохкур ду хьуна, шен вели Киши во1.