Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хеда Газиева - Безаман г1ан | Текст песни

Лаьаркха суна лайна чим хилла,
Лекхарчу стиглара хьан коре йожа,
Лаьаркха б1аьстенца дашо малх хилла,
1уьйренца г1аьттина хьан б1аьра хьежа.

Сингаттам базбелча хьо дагалоций,
Хьо везарца дусту ас дахар сай,
Буьйсанна баттаца къамеле йолий,
Доцу ас вайшиннан кхолламан тай.

Ахь олу со хьайна еза, хьан дешнаш сан дагах кхета,
Вайшинна ирсана хьийзаш ду дуьне сан туьйранехь,
Амма со сама йолу, сан мерза г1ан чекх долу,
Юьсу со хьомениг сай г1айг1анехь.

Йист йоцу ойланаш сан коьрте хьийза,
Ца лалуш хьо соьца хиларна шийла,
Да виса йиш елар хаийта хьуна,
Безамах дуьзна дог кийча дуй эккха.

Сатийсар хала ду ца оьшуш хилча,
Цкъа мацца кхетар ву хьомениг хьо,
Кхетар ву суна хьо мел ч1ог1а везна,
Ц1еххьана 1овжийча безамо хьо.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
    Нет видео
    -