Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хеда Тутаева - Са безам (New 2016) [exclusive M95] | Текст песни

Хеда Тутаева - Сан безам
I.
Ц1е санна бовха безам,
Адмашна юккъехь лела
И стиглахь хьийза т1емаш даржийна.
Цо лан ца дуг1у нахе, и сеца ца ло цхьанге.
И маьрша беха дахар хаздина.
Припев:
Х1ун бох те ахь, безамо соьга?!
Х1унда аса сатуьйсу хьоьга
Ойланаш сан наб яйъина
Эгадеш б1аьрхиш сан.
Х1ун бох те ахь безамо соьга? !
Сан жима дог хьоьх ма ца кхета
Хьо хьаьрчина дахарех сан
Синтемах яьккхина.
II.
Хьоьх теша лаьа суна,
Хьо вовза лаьа суна
Ас доьху хьоьга сих ма лолахь хьо.
Хьоьхь ницкъ бу харцо эшо
Ца йоьрзу чоьвнаш ерзо
Ахь г1айг1а йойъуш суна йовхо ло.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-