Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хеда Хамзатова - Нохчийн йо1,оьзда йо1 | Текст песни

Нохчийн йо1,оьзда йо1 тиллахьа йовлакх...
Йовлакхан мехалла къоман сий ду алий.
Нохчийн йо1,оьзда йо1 тиллахьа йовлакх,
Сий лардеш,сий ойъуш дай баьхна бу алий.

Дов даьлчи,дов ойъуш,сий дина йовлакх,
Вайн хьалхалерачу оьздачу к1енташа.
Хазачу цу куцех,цхьа куц ду алий,
Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Нохчийн йо1,оьзда йо1 ларделахь г1иллакхаш.
Наноша лардинчу г1иллакхех ду алий.
Нохчийн йо1,оьзда йо1 ларделахь васташ.
Вайн дай а ларбинчу нанойн васт ду али.

Дов даьлчи,дов ойъуш,сий дина йовлакх,
Вайн хьалхалерачу оьздачу к1енташа.
Хазачу цу куцех,цхьа куц ду алий,
Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Делахь а нохчийн йо1 бустуш бац барам,
Йовлакхци,духарци дег1ан сий,ларам.
Нохчийн йо1 хилалахь дог ц1ена даимна,
Шайн иман лардинарш,ц1ена хилларш бу алий.

Дов даьлчи,дов ойъуш,сий дина йовлакх,
Вайн хьалхалерачу оьздачу к1енташа.
Хазачу цу куцех,цхьа куц ду алий,
Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Вайн хьалхалерачу оьздачу йо1арийн.

Другие названия этого текста
  • Зезаг Исмаилова - Нохчий йо1 (New 2014) [M95] (1)
  • Хеда Хамзатова - Нохчий йо1,оьзда йо1 (минус) (0)
  • Хеда Хамзатова - Нохчийн йо1,оьзда йо1 (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Популярное сейчас
Видео
  • Тимур Очаев-Хоьл хаза йо1 Тимур Очаев-Хоьл хаза йо1
    Тимур Очаев-Хоьл хаза йо1 ... Хеда Хамзатова-Хьоьл хаза(текст+перевод) - Duration: 4:15. by Medina Aminovna 59,091 views. 4:15.