Г1ург1езан т1ам санна к1айн
Ахь куьг схьакхийдадо дайн -
Ас х1ун дан деза те х1инца,
Сан куьйгаш дихкина хилча.
Хьан озо д1авоьху гена,
Денлуче азалин г1енаш -
Ас х1ун дан деза те х1инца,
Сан когаш бихкина хилча.
Ахь, соьга д1аэца бохуш,
Хьайн некхехь дог серладоху -
Ас х1ун дан деза те х1инца,
Сан дагах ша бина хилча.
Ма малха юьйлу хьо, малха -
Ас х1ун дан деза те х1инца,
Дахаро сан дег1ах кхалха
Нигатан шад бина хилча.
Хусейн Бетельгиреев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3