Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хусейн Бетельгиреев - Вигахьа, нана, со | Текст песни

Хьайцана хIаьжкIашна асара
Вигахьа, нана, со кхин цкъа а...
Вигахьа, нана,со, вигахьа,
ГIаттавай Iуьйренан малхаца,
Массо а хаза гIан хададай,
Берзинчу когашца бацалахь
Iуьйренан тхи дожош ,вигахьа,
Наб йогIу, бахарх,ма витахьа...

Ца оьшу хьуна куьг лаца а,
Хьайцанна нийса со ва ца лахь-
Дов дехьа,ма-дарра маццаха,
Боларна сан оьгIазяхача....
Нана, кхин цкъа мукъне вигахьа,
Бовхачу меттара гIаттавай,
Наб йогIу бахарх, ма витахьа....

Ас айсса ирйийру ю метиг а,
Де, дохлуш,делкъенга лестича,
ГIертар вац со лийча ваха а....
Вигахьа,нана ,со асара,
Нана,со бералле вигахьа,
Чехавеш, тIаьхьа а хIоттавай....

Яндарбиев Зеламха.

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-