Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хусейн Горчаханов - Мила ву те дагна езнарг | Текст песни

Тийна буьйса,бетто серло сай цхьаллица г1ийла къуьйсуш,
Геннахь лепаш хьоьжу соьга, вай безаман сирла седа,
И бетта нур хьох тардина, сай деган аз ас айдина,
Со кхи муха кхайкха еза, суна веза хьо.

Даггара сай мерза безам, аса хьоьга кхийдош хилча,
Кхи х1у оьшу дагна езнарг, оццул суна везаш хилча,
Вай кхолламан ирсе йоза, яьздина хир дуй те цхьанхьа,
Дийнахь-буса, массо а хенахь хьоьга кхойкху со.

Мила ву те, дагна езнарг, хьан даго шен къастинарг,
Цо маццала некъ бина те, 1амалах хьан кхета везар,
Дийцар муха хилла теша, бехке ву те т1ехь везарна,
Хьо везаш сай дагна хилла бала балхабо.

Де схьакхечи хуьйцуш буьйса, кхачош г1ийла сан сатийсар,
Суна ша санна со езаш, сан даго бе мукъам хезаш,
Дохко ваьлла, мега кхача сан безаман веза хьаша,
Беснеш т1ера б1аьрхи тача довр ду веача хьо.

Дуьне лехац ас хьо воцуш, безамо сан доза доцуш,
Сан дог хьоьстуш, сан дог оьцуш, доьху хилахь даима соьца,
Ма вийлахьа везнарг къайла, даима хьоьца ю сан ойла,
Сан хир вацахь цкъа а ма гойла сан б1аьргашна хьо.


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 9
Видео
Нет видео
-