Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Хусейн - Еза суна | Текст песни

Дагахь доцуш веъна кхечи со хьо йолчу
Хьо цецйоккхуш безам кховдий ас хьан дагчу
Хьоьга дуккха дагардийци сайха кхетош
Сан б1аьргийн нур, деган алу хьо ю, бохуш

Ва суна еза, сан хьоме йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай дезаш хиларх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Берахь дуьйна хьоь ас хийла сатийсина
Хьо езарна хьан ойла еш наб ца йина
Ткъа х1инца-м со воккха хилла бакъо ю сан
Ала хьоьга еза суна, йолахь соьга

... дош ца карош хьо хьийза
Ва, сан Дела, орцах вала, х1ун дан деза
Сан б1аьргаша доьху хьоьга хилахь реза
Къинхетамца бу сан безам, лаьа еза

Ва суна еза, сан хьоме йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай дезаш хиларх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Дагца ч1аг1о йина ваьлла со, кхетахьа
Хьо ца хилча со ца мега, ойла ехьа
Хьоьца ... кийча ву со ...
Вайн безамна орцах яла, ца еш мало

Ва суна еза, сан хьоме йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай дезаш хиларх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Ва суна еза, х1ай ненан йо1,
Веза алий дог эцахьа
Вай цхьаьна кхетарх нехан-м г1уллакх дац
Безамца доцург цхьаъа дош дац

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • Мам сун хо дукх ез   Мам сун хо дукх ез
    Мам сун хо дукх ез. ... хьаг велча хи санна еза суна хьо..... - Duration: 2:55. by Dashodog 25,252 views. 2:55. Play next; Play now.
  • хьаг велча хи санна еза суна хьо..... хьаг велча хи санна еза суна хьо.....
    хьаг велча хи санна еза суна хьо..... Dashodog. SubscribeSubscribed Unsubscribe 4,243. Subscription ...
  • Твои зелёные глаза- Хусейн Израпов Твои зелёные глаза- Хусейн Израпов
    не знаю кто поет.......может Хусейн Израпов... ... Твои зелёные глаза- Хусейн Израпов. g0lub0glazaya. SubscribeSubscribedUnsubscribe