Элчи Маккехьа ваьлчи - Маккий чу бIаьрг хьажийна,
Элча чIогIу вилхир бах - Макка езаш хиларна,
Лууш къаьстин ваций ша ма - хьан лаьттиха, ва Макка,
Цкъа хьуна чу валар - Деле доьхуш вай ша-ма.
2
ТIаккха Джабраил деар бах - Элча воьлхуш ва вайчи,
Цуьн бIаьргеха долу хи - лаьтта кхаьчна далале.
Хьоьга бакъо кхайкха ян - КъурIан доссийра вайн Дала,
Хьо Маккичу толамца, воуьйтур ву ма боху.
3
Хьо Маккеха ваьккхина и Къурайши ва Элий,
Хьоьга гIо дар ва доьхуш, гор эгар бу Мухьаммад,
И Къурайшин элалла, ахь дохор ду Мухьаммад,
Хьо гIайгIане ма хила, Делан Элча Мухьаммад!
4
Кху дуьненан шахьарийн - нана йолу и Макка,
Керистанах, мунепикъах - ахь цIанйийр ю Мухьаммад,
ЖаIареха хьаьжийн цIа - ахь цIандийр ду Мухьаммад,
Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад!
5
Кху дуьненахь-эхартахь - хьо Паччахь ву Мухьаммад
Къемат дийнахь шапаIат - хьоьгара хир ду Мухьаммад
Хьоьгара йоцу паргIато - лелар ма яц Мухьаммад
Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элчи Мухьаммад
6
Динан Ислам дуьненчохь - Ахь кхайкхор ду Мухьаммад
Хьуна дуьхьал толамца - вала да вац Мухьаммад
Массо меттахь толамца - Хьо лелар ву Мухьаммад
Хьо гIайгане ма хила - Делан Элча Мухьаммад
7
Уггар коьрта хьан довхо - хьуна куро еш вериг,
ХIашима кIант Абу-ДжахIил - ахь эшор ву, Мухьаммад,
Массо меттехь хьай дашца - Хьо бакъ хир ву Мухьаммад
Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад!
8
Шена дуьхьал вайн Дала - хьо вуьгур ву, Мухьаммад
Далла дуьхьал хIоьттина - ахь доьхур ду Мухьаммад,
Ахь дехнариг вайн Дала - хьуна лур ду Мухьаммад,
Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад!
9
ВорхIе сийна стигланаш - хьуна лиъча, Мухьаммад,
Везачу Дала, хьерчаеш - дIалакъор яра, Мухьаммад,
И ворхIе латтанаш - бухдохур дара Мухьаммад,
Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад!
10
Ла илахIа иллаллахIу - Мухьаммадур-росулуллахIи,
Ялсамане неIарш тIехь - яздина ду «Мухьаммад»
Хьо везначийн хIусамаш - царех йина вайн Дала
Хьо гIайгIане ма хила - Делан Элча Мухьаммад!
Цечоев Магомед еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1