I. Малх басе гуьйрена макх елла йог1у Ткъа б1аьсте лепар ю хазъелла суна Сан дикне сихвелла хьо ма ца вог1у Доттаг1а, доттаг1а х1ун хилла вайна (2 раза)
II. Вуоно со хьовзийча даге чов лоций Хьан белаш т1е товжар со синтем а байна Хаара дог эца хьо бен сай воций Доттаг1а, доттаг1а х1ун хилла вайна (2 раза)
III. Схьало куьг доттаг1а къинт1ера валий Хьан куьйго елларг бен йовхо яц суна Ца лйнарг ца тайнарг дуьхьал схьа ала Доттаг1а, доттаг1а къинт1ера вала (2 раза)
IV. Малх басе гуьйрена макх елла йог1у Ткъа б1аьсте лепар ю хазъелла суна Сан дикне сихвелла хьо ма ца вог1у Доттаг1а, доттаг1а х1ун хилла вайна (2 раза)