Эзар шарахь гонаш туьйсуш дуьне хьийзара,
Б1аьсте йолуш, гуьйре йолуш, лайнаш хьийзара,
Деха, доца некъаш тоьгуш маьл леларах со,
Хьол хаза мохк кхи ца гина суна Нохчийчоь.
Хьан сирачу лаьмнашкахь лепа дашо малх,
Ахь йовхо луш деттало дог догуш безамах,
Кийча ву со ц1арахь вага сан дай баьхна мохк,
Ца хилийта цу хьан стиглахь тхуна 1аьржа дохк.
(2 раза)
Хьан сийна 1алам, бос хаза, шовданий куьзга ц1еналла,
Совг1ат ду Дала делла хьо, дай баьхна латта Нохчийчоь.
(2 раза)
Де маьл долу кхуьуш го хьан ярташ, г1аланаш,
Бертахь долуш цхьана деха маьрша адамаш,
Г1айг1а йицйеш ирсе хила 1абийна ахь тхо,
Дахар хьоьца хьаьрчина ду Нана – Нохчийчоь.
оьзда г1иллакх делла дайша, тайна мехкарий,
Хьан дозанаш лардеш лаьтта майра къонахий,
Дуьнена юкъ серла йоккхуш къегина ю хьо,
Яхалахь хьо иштта даима хьоме Нохчийчоь.
(2 раза)
Хьан сийна 1алам, бос хаза, шовданий куьзга ц1еналла,
Совг1ат ду Дала делла хьо, дай баьхна латта Нохчийчоь.
(2 раза)
шах ислангиреев еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3