Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Элина Дагаева - хьежарах ладег1арах))))))) | Текст песни

Б1аьстенан заза дуьне мел ду даьржина
Зезагаша сийна бай бу кхелина
Хийла зезаг хьоьгахьа ду кхевдина
Ша къастаде бохуш хьоьга сатесна (2)
Са зезаг хьо ду аьлла ахь къастий со
Хьа хазачу б1аьргаша со хьастийна
Са нийсаршлахь са дог-ойла айъарна
Са хьомениг са баркалла ду хьуна
Са нийсаршлахь са дог-ойла айъарна
Са хьомениг са баркалла ду хьуна
Хьежарах, ладег1арах Са б1аьргаш ца 1еба хьоьх Хьежарах, ладег1арах Безамо вай декъалдо (2)
Ахь олучу х1ора деша да ву хьо
Х1окх дуьнена меха волуш к1ант ву хьо
Вай Аллах1о са дуьхьа хьо ларвойла
Суна хьа во, хьуна са во ма гойла (2)
Хьежарах, ладег1арах Са б1аьргаш ца 1еба хьоьх Хьежарах, ладег1арах Безамо вай декъалдо (2)
Сай долахь мел дериг хьуна кхоор дац
Хьо санна дог ц1ена к1ант карор вац
Хьа деги йовхоно даима хьоьсту со
Самах а, г1енах хьа безамо ларйо со
Хьа деги йовхоно даима хьоьсту со
Уллехь а, генахь хьа безамо ларйо со
Хьежарах, ладег1арах Са б1аьргаш ца 1еба хьоьх Хьежарах, ладег1арах Безамо вай декъалдо

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3
Популярное сейчас
Видео
Нет видео
-