I. Сан дахаран сан ирс юьртара бахам, Дан дезаш дукха ду нах санна яха. Нуй хьаькхна ков-кертахь ц1ано а йина, Етт- эсий беднахь парг1ат а дина. Нуй хьаькхна ков-кертахь ц1ано а йина, Етт- эсий беднахь парг1ат а дина.
Раг1ук1ел йогучу цу нохчийн пешахь, Хьокхмаш деттина а ера ю беша. Ба1арийн г1аш дагош хьокхур бу нуй а, Мокъа 1ан йиш ма яц и дан хир дуй хьан? Ламан йо1 ю со, ламан нур ду со, Ламан йо1 ю со, ламан нур ду со.
II. Сан дахар, сан кхоллам г1алара бахам, Къахьега сан деза нах санна яха. 1илманан к1оргенаш мелла а йовза, Балха т1ехь хилийта массарел говза. 1илманан к1оргенаш мелла а йовза, Балха т1ехь хилийта массарел говза.