Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Юсуп Истамулов - Дарба (M95) | Текст песни

Хьоьх дуьххьар б1аьрг кхетча,
Йист хуьлу хезча,
Хьан озе ладоьг1уш,
Хьийжира хьоьга.
1аьржачу, эсалчу
Б1аьргаша хазчу,
Дагчу ц1е йиллира,
Хьаьжча хьо соьга.

Безаман цу ц1аро
Ботту сан кийра,
Наб яйна г1уьтту со
Хан йодчу хенахь,
Амма ца х1утту со
Дагара дийца,
Кхоьру ахь со къиза
Таттарна гена.

Сих-сиха генара
Хьо йолчу вог1ий,
Воьду со сайн дагахь
Хьо хьоьстуш хьоьжий,
Ткъа, хьуна-м ца хаьа,
Сан кийра богин.
Дарбанна хьоьгара
Хьан безам оьший

Хьан деган къайленаш,
Ойланаш еша-м.
Ца хаьа хьан хазчу
Б1аьргаш чу хьежарх.
Буй техьа хьан дагчохь
Кхечуьнга безам?
Юй-те хьо х1инццалца
Къастоза везар?

Юсуп Истамулов еще тексты


Другие названия этого текста
  • Юсуп Истамулов - Дарба (0)
  • Юсуп Истамулов - Дарба (M95) (0)
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
Нет видео
-