Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Амина Ахмадова - Безаман алу (M95) | Текст песни

Сан дагчу юьллуш и алу,
Къегира хьан б1аьрги нур...
Ойлано юьйцира г1ала
Гонаха зезагий гу...
Дуьне а хьоьвзира суна,
Латта а уьдура д1а.
Къайлаха йоьлхура хьуна,
Хьа сине дирзира са...

Харцонаш йожо со г1ертарх,
Къарлур яц диканаш да.
Соьца бу ахь белла тешам,
Кийча ю са д1адала..
Шерашкахь кхиина безам
Г1еллур бац халонаш гарх,
Ахь дагчу биллина тешам
Ларбийр бу сайх т1улг хиларх...

Хили хьох сан б1аьрги г1айг1а,
Са ирс, а сан дега нур...
Хьо х1орд,со хьа жима г1айре..
Лаарах бекъа и суй
Со юй ткъа хьа б1аьргийн г1айг1а?
Со буй хьа безаман суй?
Сол хьоме х1умма дац алий,
Ч1аг1о еш баахьа дуй...

Ас Деле йоьху вай кхане
Б1аьргеха легадеш хиш
Вай безам новкъа бац цхьанне,
Аллах1ан совг1ат ду и....

Другие названия этого текста
  • Амина Ахмадова - Безаман алу (M95) (1)
  • Амина Ахмадова - Сан деган алу (M95) (1)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • Чеченская любовь Линда и Халиф   Свадьба Чеченская любовь Линда и Халиф Свадьба
    Линда идрисова-Безаман алу. Read more Show less. Reply · 1 ... Amina Amishka 4 months ago. Красиво ...