Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Имам Алимсултанов - Дай Баьхна Латта | Текст песни

Х1ар ду и сан хьоме дай баьхна латта.
Чехка терк, токх аре, вай лаьмнаш, хьаннаш.

Деза и мерза ду, ваха ду атта.
Къорза к1ур санна го дай баьхна латта.

Хьена дог деладац, хьеначу латто?
Хьоьшуш а, хьоьжуш а, хьедаьш а нохца.

1уьйренца ловзадеш, суьренца товжадеш.
Эсала марг1ал цуо ластош а мохца.

Шайха Мансура сийдина латта.
Зелимха ша ц1ийца ц1ийдина латта.

Хийла к1ант хьийзина, хийла лом ц1ийзина.
Б1ешарийн баланаш хуьйдина латта.

Дахалахь, дахалахь дай баьхна латта
Хьан к1ентий айбелла хьан бала човхо.

К1ентийн дог дахчада, мостаг1ий чахчаба
Боккха ницкъ беци хьан, Даймехка йовхо.

Шайха Мансура сийдина латта.
Зелимха ша ц1ийца ц1ийдина латта.

Хийла к1ант хьийзина, хийла лом ц1ийзина.
Б1ешарийн баланаш хуьйдина латта.

Хьоме сан вежарий хийрачу махакара,
Сатуьйсу аша шайн Даймехке.

Цигахь ду кешнаш, цигахь ю рег1наш.
Цигахь, кхузахь а дехийла вай бертахь.

Шайха Мансура сийдина латта.
Зелимха ша ц1ийца ц1ийдина латта.

Хийла к1ант хьийзина, хийла лом ц1ийзина.
Б1ешарийн баланаш хуьйдина латта.


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • Имам Алимсултанов Дай баьхна латта 1994 г. Имам Алимсултанов Дай баьхна латта 1994 г.
    Белоев Салавди, Белоев Сайпти, Имам Алимсултанов, .... Дал Г1азот к1обал дойл цер!!!
  • Имам АЛИМСУЛТАНОВ - Дай Баьхна Латта Имам АЛИМСУЛТАНОВ - Дай Баьхна Латта
    ДАЙ БАЬХНА ЛАТТА Хlар ду-кха Дай баьхна латта: Сан хьоме Чехка Терк, Токх аре. Хьенан рагl, Лаьмнаш. lуьллу и Дегlана ...
  • Сан дай баьхна латта Сан дай баьхна латта
    Сан дай баьхна латта. Chechenlovzar .... Имран Усманов - Сан дай баьхна латта -A.Video Mix. - Duration: 4:33. by Ibrahim ...