Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Имран Усманов - Зама... | Текст песни

Бераллехь вай дуьне мел доккха хетара, меллаша д1а йоьдуш хетара хан,
Дуьне къахьло аьлча цунах ца кхетара, мотта ца моьттура со лур ву къан.
Йовхонах хьоьгуш хан йог1у шелвелча, жималлий ше хенахь ца бо вай хам,
Марзо а д1айолу къаьхьа кад мелча, къанвелча д1аболу дуьненан чам...

Зама, къайлах хьан боларан ас тидам бора, хьан х1ора амалан маь1на а гуш,
Дуьненан да ву ахь ца моттийтура, со ирсе цхьа а вуй те хеталуш.
Зама, ахь вадавой со цкъа мархашка хьора, дог 1ехадолийти хоьцура чу,
Лаьттах а текхий са ваьржи д1аг1ора, гулвой ахь юха а са кхуллура чу.

Хьоьца ас къуйсур дац, ницкъ бу хьан шорта, Ахь къанво хеназа, ахь шел а во,
Дуьне а, дахар а хьо хийца г1ерта, Къанахий дегнаш хьоьга къар ма ца ло.
Т1аьхьарчу хенахь со хьох ма ца кхета, яцйа хьо г1ерта те сан йисна хан,
Суна-м со башха кхи ваьхна ца хета, хетало гинарг ду буьйсана г1ан.

Зама, ма хаьа суна хьо соьл тоьлар юйла, к1езиг бен ца йисни сан яккха хан,
Ткъа хьуна хаарий со кийча вуйла, ца къарлуш д1акхехьа муьлха некъ хьан,
Зама, суна эхь хета и хан Деле йеха, х1у хаьа йоьхург юй кхечунна хан,
Хийла к1ант ваьхьи ахь дуьнена меха, къонахий чекх бовлахь сий хир дац хьан.

Зама, со тахна т1аьххьара ву хьоьга доьхуш, сан коьрта 1алашо дан диснарш ду,
Тахна со мукъамна ву дешнаш лоьхуш, къана и д1аала лууш а ву,… и ала кхиа лууш а ву...


Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 7
Видео
Нет видео
-