Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Нохчи илли - Нохчийчохь гуьйре | Текст песни

Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано.
Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и.
И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло,
Набарна оьгу уьш, сан Iалашонаш а юий...

ГIаш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин,
Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа.
БIаьрг баса баккхарал совнах шен бIаьрлачу сийналлин,
Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а.

Мархаш ю - билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш.
Уьш хIинца бIаьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха.
Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха,
Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа.

Дехкаша нох дохуш санна ду шур-шур дар дерзано...
Дохк муьйлу лаьтто - ша лам оьзна, яьккхина шура.
Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано,
Ду иза сан бIаьргийн нур оза ца дашшал кура.

Хьан хIуонехь х1ун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа,
ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам?
Генна дIа кхийсахьа гIайгIанан герканаш цкъа мукъа,
Хьо чIанадоллушехь горбоьду сан бIаьргийн тIалам...

Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран,
Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина.
Ахь суна тIехула лаьцначу стигалан четаран
Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина.

Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло,
Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш...
Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано,
Сирлачу гIайгIанан хих йохуш адамийн уьйраш...

дешнаш Юсупов Iилманан
мукъам Келоев Iийсайн

Другие названия этого текста
  • Иса Келоев - Нохчийчохь гуьйре (0)
  • Нохчи илли - Нохчийчохь гуьйре (0)
  • Нохчийн Илли - Нохчийчохь (0)
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1
Видео
  • Нохчи чьо (чеченская песня) Нохчи чьо (чеченская песня)
    Известная красивая чеченская песня с переводом. Красивый клип, прекрасное исполнение. С душой. Чечня чеченцы Грозный нохчи ...
  • Хьуьсен БЕТЕЛЬГИРИЕВ - Десачу гуьйна тIе... Хьуьсен БЕТЕЛЬГИРИЕВ - Десачу гуьйна тIе...
    Десачу гуьйна тIе меца пхьуй санна, КIецаш еш, хьан кIентий гуллучу дийнахь, Сан илли дIадоьду, ... Нохчийчоь, хьо йоцуш хилча,
  • www.nazma.se - Кхийти со... - И.Келоев - I.Keloev www.nazma.se - Кхийти со... - И.Келоев - I.Keloev
    NAZMA STUDIO 3 years ago in reply to Noxchi Borz. @Nbafreak69 ... Дешнаш яздинарг Арсанукаев Шайхи ...
  • Naqosta mettana-Нохчийн фольклор Naqosta mettana-Нохчийн фольклор
    brkal noxchi ghelkxe uzd video yelarn . Read more Show ... Хаза илли ду х1ара! ... www.nazma ...