Урамаш хьан шуьйра Шовданаш ц1ена Луьста сийна хьаннаш Шера аренаш Зезаг санна кхиъна Ненан мохк хьо сан Нохчийчоь хьо цхьаъ ю Ялсамане сан ( 2 раза ) Припев: Ялсамане, ялсамане сан Нохчийчоь хьо цхьаъ ю сан Ялсамане, ялсамане сан Хир ма яц кхин эхартахь бен ша ( 2 раза ) II. Лаьмнаьх тера лекха Г1аланаш йина Дуьне мел ду кхойкху Ламазе хаза Хьо гаре сатуьйсуш Деха адамаш
Нохчийчоь хьо цхьаъ ю Дуьне хаздинарг ( 2 раза ) Припев: Ялсамане, ялсамане сан Нохчийчоь хьо цхьаъ ю сан Ялсамане, ялсамане сан Хир ма яц кхин эхартахь бен ша ( 2 раза ) III. Белшах верта тесна Волу к1ант майра Г1абалийн т1ам ойъуш Йолу йо1 кура Пондаран аз дека Массарел хаза Нохчийчоь хьо цхьаъ ю Ялсамане сан ( 2 раза ) Припев: Ялсамане, ялсамане сан Нохчийчоь хьо цхьа1 ю сан Ялсамане, ялсамане сан Хир ма яц кхин эхартахь бен ша ( 2 раза )