Хьо веза йиш яцахь сан сирла са ма кхета, Хьоьца кхоллам бацахь сан беттаса ма лепа, Нагахь эрна хир делахь сан деган сатийсар, Хьай дуьне ахь малхана гонахь го ма тийса.
Хьо сан деган зезаг ду суна кхиъна аьлла, Сан кхолламан ирсечу некъа т1е хьо ваьлла, Хьо везарнахетало дуьне дола даьлла, Хетало соьл ирсениг лаьттахь хир яц аьлла.
Шовда санна 1еначу хьан дешнех со тешна, Даима сай хьоьстуш дог хьан довха дош эшна, Сан дагчу а хьаьжна хьо ваьлча ойла йешна, Ма йиталахь доьху хьоьга кхоам боцуш тесна.
Малх схьакхеташ дуьненна серло яла кхета, Буьйса хаза ян беттаса шен нур 1енош лепа, Ойла хаза ян олхазарш дуьлало йиш лекха, Суна-м везнарг сай дуьхьа хьо кхоьллина хета.