I. Алахьа, х1ай сан дог, хьо х1унда деттало
Хазачу кху дийнахь ахь хьанна сагаттдо
Стиглара и мархаш набарха ма йолу
Дитташ т1ехь кегий г1аш сенделла ма дог1у ( 2 раза )
II. Хин тулг1ен хаза аз, там беш ду дог хьуна
И ло лам т1ера лахделла дог1у- кха
Буьйсанна седарчий сов генахь ма лепа
Нур з1аьнарш 1уьйренца малхаца ма къега ( 2 раза )
III. Алахьа, х1ай сан дог, хьо х1унда деттало
Хазачу кху дийнахь ахь хьанна сагаттдо
Къоналла д1айоьдуш ца лалуш 1ийжа хьо
Безамах 1абанза дисарна кхоьру хьо ( 2 раза )
Тамара Дадашева еще тексты
Оценка текста
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 3