Кхолламо кховдийна Керла шо,
Г1ург1езах кечделла го.
Беттаса,седарчий,лайн чимаш,
Ловзарехь нур лепа до.
Керла шо,Керла шо марша дог1ийла хьо!
Керла шо,Керла шо марша дог1ийла хьо.
Ирс,аьтту хуьлда вайн,
Могуш,маьрша дехийла вай.
Керлачу шарна шен меттиг луш,
Вай къаьсташ ду шира шо.
Зама а кхуьийла дика гуш,
Къоначарна безам луш.
Керла шо,Керла шо марша дог1ийла хьо!
Керла шо,Керла шо марша дог1ийла хьо.
Ирс,аьтту хуьлда вайн,
Могуш,маьрша дехийла вай.
Дуьненна 1аламо хаздина д1ахоьтти даздаран той.
Дайн,нанойн,вайн берийн сий дина,даггара декъал бо вай!
Керла шо,Керла шо марша дог1ийла хьо!
Керла шо,Керла шо марша дог1ийла хьо.
Ирс,аьтту хуьлда вайн,
Могуш,маьрша дехийла вай.
Хеда Хамзатова еще тексты
Видео
Хеда Хамзатова - Керла шо.www.che2n.com Хеда Хамзатова - Керла шо.www.che2n.com ... фантазия))) умник ты по её фамилии узнал что это армянка?))) вот вы ...
Оценка текста
Как вам текст?
1 out of 5
2 out of 5
3 out of 5
4 out of 5
5 out of 5
Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 1