Гуру Песен Популярное
А Б В Г Д Е Ж З И К Л М Н О П Р С Т У Ф Х Ц Ч Ш Э Ю Я
# A B C D E F G H I J K L M N O P Q R S T U V W X Y Z

Шамхан Далдаев - Хьаша (M95) | Текст песни

I. Д1а г1оьттина ловзар ду
Хезаш вота пондар ду
Ловзар юккъехь эсала
Гуш ю хьаша геннара

Припев:
Массо хьаша езаш ву
Массо цуьнги хьоьжуш ву
Хьаша хьаша сих ма ло
Массаьрги ахь дош ма ло (2 раза)

II. Хьаша тайна хаза ю
Со и еза елла ву
И бен кхи гуш х1ума дац
Ца гичаъ сан бехк а бац

Припев:
Хаза хелха йолу и
Сан цергеха долу хи
Дукха яхарг хьаша хьо
Ваккхахь хелха х1ай чов со (2 раза)

III. Хьеше хьаьж чохь висна со
Ваккхахь хелха, х1ай зуд, со
Ишта юьртахь товжийна
Б1аьрг хир бу вай хьешина

Припев:
Бехк а бац шуна х1ай к1ентий
Безарх вайна мехкарий
Уьш ца беза бахьна дац
Еза йо1 бен х1ум ма дац (2 раза)

IV.Д1а хьуш доккха ловзар ду
Хелха долуш йо1 к1ант ду
К1ант шех хьегош эсала
Сетташ хьаша геннара

Припев:
Массо хьаша езаш ву
Массо цуьнги хьоьжуш ву
Хьаша хьаша сих ма ло
Массаьрги ахь дош ма ло (2 раза)

Статистика страницы на pesni.guru ▼
Просмотров сегодня: 2
Видео
Нет видео
-